Songtexte Chechnya: The Shatlak's Song, "No matter how unfair the wildfire of injustice in Chechnya…" - Peter Breiner , Slovak Radio Symphony Orchestra
Харцоно цlе тесна, хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна — гlаьттина яха.
Кавказан ткъес хилла — маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.
Барт болу хьан къаьмнаш — мах боцу беркат! -
Хьо йоцург Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.
Башламан баххьашка дайн синош дуьссу,
Органан тулгlено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла -
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!
Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Халкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран гlаролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

Attention! Feel free to leave feedback.